Нохчийн зудчун де!

23.09.2022

Зударийн де даздаран президент Рамзан Кадыровс д1акхайкхина 2009 шеран февраль баттахь. Вайн Республикехь х1ора шарахь сентябрь беттан кхоазлаг1чу к1иран дийнахь даздеш ду. И де деза кхайкхор лерина ду, Кавказски т1еман хенахь Дади-Юрт яга а йина 40 йо1, коьртехь Дадин Айбика а йолуш, йийсаре лаьцна. Шаьш Теркал дехьа дохуш хи чу кхиссаделла и зудбераш. Оцу дезачу денна лерина мероприяти д1аяьхьира тхан берийн бешахь. Дакъа лаьцнарш лакхарчу тобанера бераш дара.