Ненан меттан де!

24.04.2026

Муниципальни бюджетни школал хьалхара дешаран учреждени "Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан "Берийн беш 13 "Ирс".Нохчийн  меттан денна лерина мероприяти д1а йаьхьира берийн бешахь 24.04. 2026г.Нохчийн меттан де хIора шарахь апрель беттан 25-гIа чу дийнахь даздар хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду. Нохчийн халкъан уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Вайн къомах дIакъасталур доцу дакъа ду иза, бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, истори а, культура а санна. Цундела вай декхар ду ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна довзийтар.